Type a search term to find related articles by LIMS subject matter experts gathered from the most trusted and dynamic collaboration tools in the laboratory informatics industry.
ХӀижрат (Ӏаьр. الْهِجْرَةُ — «кхалхар») йа пайхамаран хӀижрат (Ӏаьр. الْهِجْرَةُ النَّبَوِيَّةُ аль-хӀижратун-набавийят) — иза Мухьаммад пайхамар ﷺ а, цуьнан асхьабаш а Маккара Ясрибе кхалхар ду, тӀаьхьо цунна «Мадийнат» аьлла цӀе тиллина, и хилам хилла 622-чу шарахь, къурайшийн куьйгалхошкара царна хуьлуш долу зенаш а, Ӏазапаш а бахьана долуш, къаьсттина Абу ТӀалиб веллачул тӀаьхьа. Халиф Ӏумар ибн аль-ХаттӀабан омранца, шен халифатан заманахь бисинчу асхьабашца дага а ваьлла, пайхамаран хӀижрат исламан рузманан йуьхь санна тӀеэцна[1]. Мадийнате хӀижрат дар бусалбачарна важиб хилла, дуккха а айаташ диссина бусалбачаьрга хӀижрат даре кхойкхуш, Макка схьайаккхалц[2][3].